Муниципальное Бюджетное Общеобразовательное Учреждение "Средняя Общеобразовательная Школа №1 с.Герменчук Шалинского муниципального района"

Germenchug1@mail.ru
8(928) 783 75 98
с 8.00 - 18.00
 
 
 
 
 

«Нохчийн меттан Де»

25.04.2020

Къоман уггаре коьрта билгало мотт бу. Нохчийн Маттаца схьакхачийна вайга вайн дайн-наноша халкъан иэс,амал,г1иллакхаш. къомо шен мотт хьалаайбар ,цо шен синкхетам самабаккхар ду.Нохчийн Республикан куьйгалхочо Р.А.Кадыровс шен Указца «Нохчийн меттан Де» -д1акхайкхийна апрель беттан 25-г1а де. Оцу указца цо гайтина шен матте болу ларам. Нохчийн меттан хазалла а, исбаьхьалла а гойтуш язйина вайн яздархоша ,поэташа а Билал Саидовс,Абузар Айдамировс.,М.Мамакаевс иштта д1а кхиа. Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт: Хьешашка – оьзда, Доттаг1чуьнга – мерза, Мостаг1чуьнга – буьрса, Захалонна – хаза, Масла1атана – к1еда, Берашка – эсала. ЛадогIа цкъа соьга, хьекъале корта, ЛадогIа, яккхий дIа лергара потт: Йист йоцу хIорд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. ГIиллакхе, оьзда бу, ДоттагIче буьйцуш, МостагIче вистхуьлуш, ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз! Ш. Арсанукаев

...